[Вступление]: (2 раза)
[Куплет]:
Сан даго ирсе хьал шен дуьйцу
Хьо яйчи хуьлу хазахетар
Сан са хьан амато д1алоьцу
Сан ойла, вайшиъ цхьана кхета
[Припев]:
Б1аьстено басарш ца кхоийна
Хьан хазалла безамах къаго
Сан ойла ас хьоьхь ца лачкъийна
Лууш ву со безамах вага (2 раза весь припев)
[Куплет]:
Сан дахар доза доцу безам
Ас хьуна цхьанна лерина
Цу дахаре вига ца везаш
Хьо соьца веха даимна
[Припев]:
Сан б1аьргашчу догучу хьуна
Цкъа мукъне хьажий кхетахьа
Са дуьне дахар ирс хьо дуйла
Де - буьйса дуйла хьан дуьхьа (2 раза весь припев)
[Куплет]:
Хьо массо хенахь ас ларйина
Хьо гуча яларе сатуьйсуш
Ахь доь1у са ас дагардина
Сай дега пхенаьх безам туьйсуш
[Припев]:
Б1аьстено басарш ца кхоийна
Хьан хазалла безамах къаго
Сан ойла ас хьоьхь ца лачкъийна
Лууш ву со безамах вага (2 раза весь припев)
[Куплет]:
Ахь массо хенахь со ларйина
Кху хене яьлла ларвеш хьо
Безамах яга реза хилла
Йовр йоцчу ц1арах йогу со
[Припев]:
Сан б1аьргашчу догучу хьуна
Цкъа мукъне хьажий кхетахьа
Са дуьне дахар ирс хьо дуйла
Де - буьйса дуйла хьан дуьхьа (2 раза весь припев)